Начальная

Windows Commander

Far
WinNavigator
Frigate
Norton Commander
WinNC
Dos Navigator
Servant Salamander
Turbo Browser

Winamp, Skins, Plugins
Необходимые Утилиты
Текстовые редакторы
Юмор

File managers and best utilites

Календарное планирование по чеченской литературе (10 класс). Маца девза доттаг1алла реферат


АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968)

Арсанукаев Iабдулла

Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь йоккхачу эпически жанрехь чекхъяьлла йолу произведени – роман дуьххара Арсанов СаьIид-Бейс язйина.

Чолхе а, хала а хилла яздархочун дахаран, кхоллараллин некъ. Арсанов СаьIид-Бей вина 1889 шеран 2-чу октябрехь Нохчийчохь, Жимачу АтагIах, ахархочун Арсанбекан доьзалехь.  ЧIир тIеяр бахьана долуш юьртах вала дезна Арсанбекан. Шен доьзалца Владикавказе кхелхина а вахна, цигарчу дашший, детий доккхучу заводе балха хIоьттина иза. 1905 шарахь Россехь белхалой меттахбевлла, революцин болам болабелча цу юкъа вахна Арсанбек. Революцин боламехь  дакъалацарна 1907 шарахь паччахьан Iедало лаьцна Сибрех вахийтина иза.

СаьIид-Бейс Владикавказехь 4-шеран училище чекхъяьккхина. 1907 шарахь Баку гIалахь цхьана гIишлошъяран организацин конторехь коперовальщикан, чертежникан болх бина. Цул тIаьхьа Одессе а вахна, цигара электротехнически училище чекхъяьккхина, дешарца цхьаьна болх а беш. Юха цIа а вирзина, цхьана муьрехь Владикавказехь болх бина, «Терек» газетаца юххера уьйр а латтош. 1910-чу шарахь Петербургерчу политехнически  институте деша воьду Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь революционни ойла йолчу студентащца цхьаьна вара СаьIид-Бей. Политически демонстрацешкахь дакъалацарна чувоьллина иза. Ши бутт чохь а баккхийтина, Вятски губерни ссылке хьажийна. Цигара вада аьтто а баьлла Варшаве а, цул тIаьхьа дозанал дехьа Германи а кхочу иза. Цигахь цхьана машинаш ечу заводехь слесаран а, монтеран а белхаш бина цо. Студентийн гIаттамашкахь виллина дакъалоцуш а хилла иза. Арахьа дуккха а хало, гIело лайна цо, амма дуьне а, адамаш а довзарехь мехала хан хилла иза яздархочунна. Хьалхара империалистически тIом болабелча, Росси юха вогIу Арсанов СаьIид-Бей.  ЦIа вирзинчул тIаьхьа 1917-1921 шерашкахь Иркутски университетехь доьшу цо. Колчакан кIайчу эскаршна дуьхьал бинчу тIемашкахь дакъалоцуш  а хилла иза.

1921 шарахь кхайкхина Нохчийчу схьавалаво Арсанов СаьIид-Бей, идеологически болх дIабахьарца доьзна гIуллакхаш тIедохку цунна. Арсанов СаьIид-Бейс белхаш бина тайп-тайпанчу серлонан, бахаман, партийни учрежденешкахь. Доккха гIуллакх дина цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь.

Нохчийн дуьххьарлера газета арахецаран гIуллакх  тIедиллина Арсанов СаьIид-Бейна. Корматалла вовшахтохараллин оьшу болх дIабахьа дезна. Цу тIехь Арсановна,  Нохчийчу а веана, дика гIо дира хIетахь Ростовехь «Советский Юг» газетан редакцехь балхахь хиллачу Александр Фадеевс. Оьрсийн гоьваьллачу яздархочунна даггара баркалла аларца хьахайора Арсанов СаьIид-Бейс и хан. 1923-чу шеран 23-чу апрелехь, Арсанов СаьIид-Бей редактор а волуш, араелира «Советская автономная Чечня» газетан дуьххьарлера номер. ТIаьхьо, «Серло» цIе а йолуш, нохчийн маттахь арахеца долийнчу оцу газетан доккха маьIна хилла къоман литературий, культурий кхиорехь.

Цул тIаьхьа Москва балха дIавуьгу Арсанов СаьIид-Бей. Цхьана муьрехь Кремлерчу Оружейни палатехь Iилманан секретарь Iийна иза, тIаккха масех шарахь ВЦИК-ан Президиумехь Нохчийчоьнан векал а хилла.         

Оцу хенахь Нохчийн областан  партин органашкахь болх беш нохчийн кIезиг хилла. Дуьххьара Нохчийн обкоме балха хIоттийна веккъа цхьа нохчи – Авторханов Iабдурахьман, орготделан заведующи. Цо гIайгIабарца обкоме дIаэца болийна нохчийн къомах болу белхахой. Иштта обком партин культпропотделан заведующи хIоттийна Арсанов СаьIид-Бей. Оцу хьокъехь яздина шен дагалецамашкахь Авторханов Iабдурахьмана.

Партин ЦК-н тидамехь хилла лаккхара дешар а дешна, кIорггера хаарш а, доьналла а долу Арсанов СаьIид-Бей. Тайп-тайпана жоьпаллин гIуллакхаш тIедохку цунна. 1933-чу шарахь иза хьажаво Колыме, пачхьалкхан органашка балха. Цигахь шина шарахь райисполкоман  председателан болх бо цо. 1935-чу шарахь Нохчийчу цIа вогIу иза. Нохч-ГIалгIайн меттан, историн Iилманан-талламан института директор хIоттаво Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь цо доккха гIуллакх дина нохчийн, гIалгIайн меттанаш а, истори а Iилманца таллар вовшахтохарехь. Леррина тидам тIебохуьйту къоман барта кхолларалла гулъярна а, иза зорбанехь арахецарна а.

1937-чу шеран 3 октябрехь Арсанов СаьIид-Бей  НКВД-ан белхахоша, лаьцна чу  а воьллина,  буржуазни националисташна гIо деш хилла   аьлла, бехке а вина,  Сибрех вахийтина. ТIаьхьа, яздархочуьнан  цхьа а тайпа бехк цахилар билгал а доккхуш, мукъа витина.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, шовзткъалгIий – шовзткъеитталгIий шерашкахь яздархочо Казахстанехь халкъан образованехь болх бо. Республика метта а хIоттина, цIа дирзинчул тIаьхьа, 1957 шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин  Яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина иза. Цу даржехь болх бина Арсанов СаьIид-Бейс 1959 шеран март баттахь пенсе ваххалц.

Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш дуьххьара зорбане евлла 1924-чу ш. Цу хенахь «Советский юг», «Известия» газетийн агIонаш тIехь кест-кестта арадовлу цуьнан дийцарш, очеркаш, статьяш. ТIаьхьо Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш арайийлина  «Красная новь», «Народный учитель» цIерш йолчу журналаш тIехь а. Арсанов СаьIид-Бейн цIарца дозаделла ду къоман литературехъ романан жанр кхоллаялар. 1930 шарахь «Революция и горец» журналан кхаа номерехь зорбатуьйхира яздархочуьнан йоккхачу эпически произведенин дакъош. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча нохчийн маттахь «Ши тIаьхье» цIе  а йолуш араелира и роман. 1930 шарахь зорбанехь араяьлла Бадуев СаьIидан «ПетIамат» цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман а. Цу тайпана, Бадуев СаьIид а санна, къоман литературехь романан жанр йолорхо ларалуш ву Арсанов СаьIид-Бей а. Билгалдаккха деза, Бадуев СаьIид юьззина чекхъяьлла роман язъян ца кхианехь, Арсанов СаьIид-Бейс эпически йоккхачу форманан берриге а лехамашна жоп луш йолу роман нохчийн, гIалгIайн литературашкахь дуьххьара язйина хилар. «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу романан хьалхара вариант ларалуш ю «Ши тIаьхье». Турпалхойн васташ даржош, сюжетан зIенаш тIеюзуш, идейно-исбаьхьаллин чулацам кIаргбеш болх бина автора шен произведени тIехь. «Маца девза доттагIалла» роман араяьлла 1956-чу шарахь Алма-Атахь. ХIХ бIешо чекхдолучу – ХХ бIешо долалучу муьрехь Нохчийчоьнан юкъараллин дахаран социальни хьелаш гайтина романехь. Оцу хенахьлерчу дахаран суьрташ  эпически шуьйра а, кIорггера а дехкина. Тайп-тайпанчу географически меттигашкахь кхочушхуьлу гIуллакхаш, дуккха а исторически хиламаш бу романан чулацамехь. Къинхьегаман  халкъо, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша паргIатонехьа латто къийсам гайтар ду романехь коьртаниг. Къаьмнашна юкъахь  интернациональни доттагIалла кхолладаларан а, иза чIагIдаларан а хьелаш гайтина  автора. Шина чкъурах бу романан турпалхой: Арсбий, цуьнан могIарера бершший; Беной, цуьнан нийсархой.  Царах хIор чкъор а шайн хенаца догIуш, шайн амалшца, лехамашца гайтина. Дегайовхонца кхоьллина Арсбин, Джабраилан, Джон, ТIатIашан, церан накъостийн васташ. Цаьргахула гайтина адамийн ойланехь хуьлуш болу хийцамаш. Дахаран, шайна гонах гуш долчуьнан социальни маьIна дан Iема уьш. Арсбин  кхетам кхиарехь  мехала яра цуьнан Ивашинца а, Ульяшеваца  хилла уьйраш. Романехь дикачарах ду зударийн васташ: Хедижат, Селима, Ульяшева. Боккхачу деган лазамца, амма царах воккхаверца гайтина уьш автора. Ша-тайпана хьежамаш бу авторан кегийрхошка: Бенога а, цуьнан накъосташка а. Сирла хиндерг царах доьзна лору автора. 

Яздархочо шуьйра пайдаэцна шен романехь халкъан барта кхоллараллех. Цунна кIорггера евзара нохчийн фольклор. Арсанов СаьIид-Бейс гулйина, зорбанехь арахецна къоман барта кхоллараллин шиъ сборник. Шен къастамаш бу «Маца девза доттагIалла» романехь халкъан барта произведенех пайдаэцаран. Фольклоран битамаша гIо до авторна къоман ламасташ, г1иллакхаш, оьздангалла йовзийта, адамийн ойланехь дерг гучудаккха, церан лаамаш, сатийсамаш гайта, халкъан дахаран къеггина долу суьрташ дахка. Джабраилан иллеш, Селимас шен шина йоIана дуьйцу туьйранаш, хабарш романан хиламех къасталур доцуш дIаийна ду. ДуххьалдIа барта произведенеш текстана юкъаялорца  кхачалуш  яц романан барта кхоллараллица йолу уьйраш. Яздархочун идейни, исбаьхьаллин Iалашонаш  кхочушъярехь шайн маьIна ду церан. Романна цхьа ша-тайпа аьхналла а луш, йоьшуш волчунна исбаьхьаллин Iаткъам бан гIо до цара.

«Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книги тIехь болх беш вара яздархо. Цхьа кIеззиг долу дакъош зорбанехь ара а девллера. Схьахетарехь, революци хиллачул тIаьхьа  вайн махкахь керлачу дахарехьа къинхьегамца къийсам латтор гайта дагахь хилла яздархо  романан шолгIачу книги тIехь. Амма  шен Iалашо кхочушъян ца кхиъна  иза.

Арсанов СаьIид-Бейн «Серебристая улыбка» цIе йолу  книгина зорбатоьхна 1965 шарахь. Ткъе иттех шо хьалха ша болх бинчу Колыма а вахна, хIетахь ша лелла меттигаш гина, цигарчу адамашца цхьаьнакхетарш а хилла, цIа веъча, арахецна яздархочо и книга. Оцу мехкан буьрсачу хазаллех, цигарчу адамийн хьуьнарех дуьйцу яздархочо шен барамца йоккха йоцчу книги тIерачу дийцаршкахь, очеркашкахь.

Арсанов СаьIид-Бей гоьваьлла яздархо вара, цуьнан произведенеш Нохчийчохь евзина ца Iаш, йоккхачу советски пачхьалкхехь а евзуш а, лоруш а яра. Мехала хазна йиллина цо дукхакъаьмнийн литератури юкъа. Яздархочух, цуьнан кхоллараллех лаьцна алссам материалаш, статьяш арайийлина цIеяххана девзаш долчу журналаш тIехь «Дружба народов», «Дон», «Новый мир» кхечарна а, центральни газетийн агIонаш тIехь а. Яздархочун «Маца девза доттагIалла»  роман маситтазза зорбатоьхна оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь Алма-Атахь, Москвахь, Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан дийцарш, очеркаш арайийлина дуккха а меттигашкахь, изданешкахь а.

Арсанов СаьIид-Бейн дахаран некъ  хедира 1968-чу шеран 12 июлехь. Яздархо кхелхинчул тIаьхьа, 1969 шарахь, араяьлла «О близком и далёком» цIе а йолуш, коьрта долчу декъана зорба  тохаза хиллачу произведенийн книга.  Цу тIехь дийцаршца, очеркашца  цхьаьна зорбатоьхна дара  «Маца девза доттагIалла»  романан  шолгIачу книгина  яздархочо лерина  хилла  дакъош а. Кхузахь, цуьнан дукхахайолчу произведенешкахь санна,  гIиллакх-оьздангалла, къонахалла, доьналла долуш бу книгин турпалхой. Масала, райисполкоман председатель Диас, заводан директор Бено, кхиберш а.

Оьрсийн маттахь язйина Арсанов СаьIид-Бейс шен произведенеш, амма чулацамца, идейно-исбаьхьаллин къастамашца нохчийн къоман литературин произведенеш  ю уьш. Арсанов СаьIид-Бей шен дахар, исбаьхьаллин похIма къоман литература, культура кхиорна дIаделлачарах ву.

 

Арсанов СаьIид-Бейн зорбанехь арайийлина произведенеш

Нохчийн маттахь

Ши тIаьхье. Роман. Оьрсийн маттера гочйина Х. М. Яхшаатовс. Соьлжа-ГIала, 1931.

Маца девза доттагIалла (Романан дакъош) // Ленинан некъ. 1957. 18 июль - 12 дек., №№ 6, 7, 9, 11, 15, 61; 1958,. 22. 29 янв. №№ 8, 19.

Маца девза доттагIалла. Гочйина. Х. Исмаиловс, Б. Чалаевс. Роман. Грозный, 1960.

Къеггина гайта вайн заманан турпалхо. «Ленинан некъ», 1965. 15 январь.

Дахаран бакъдерг.  Дийцар // Ленинан  некъ. 1968. 29 май.

Берзалой Iедал. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 2 июнь.

Нана. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 15 май. 

 

Оьрсийн маттахь

 

Держи крепко свое сердце. (Главы из романа «Держи крепко свое сердце») // Грозненский рабочий. 1930. 22 май - 8 июнь. 

Аул и люди (Главы из романа «Держи крепко свое сердце») // Революция и горец. 1930. № 1. С. 70-78; № 2. С. 63-69.

За невестой, Земли ему (Главы из романа «Держи крепко свое сердце»). «Революция и горец», 1930, № 8, стр. 67-72.

905-й год (Отрывок из романа «Держи крепко свое сердце») // Грозненский рабочий. 1935. 22 - 29 сент.

Расправа в тюрьме. Главы из романа «Держи крепко свое сердце» // Грозненский рабочий, 1935, 2-6 окт.

Суд (Отрывок из романа «Когда познается дружба»). // Къинхьегаман байракх. 1956. 17 май.

Когда познается дружба (Отрывок из одноименного романа) // Грозненский рабочий. 1957.  26 февр.

Слово о матери (Отрывок из романа «Когда познается дружба») // Грозненский рабочий. 1960. 17 нояб.

Когда познается дружба. Роман. Алма-Ата, 1956.

Когда познается дружба. Книга 1. Грозный, 1960..

Когда познается дружба. Роман. Грозный,1963.

Ононди. Рассказ // На  Севере Дальнем. 1964. № 2.

Серебристая  улыбка. Очерки и рассказы. Грозный, 1965.

О верном друге. Роман. М., 1968.

О близком и далеком. Рассказы и очерки.  Грозный, 1969.

Избранное. Когда познается дружба. Роман. М., 2009.

 

www.ChechnyaTODAY.com

chechnyatoday.com

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанов СаьIид-БейАрсанукаев Iабдулла

АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968)

Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь йоккхачу эпически жанрехь чекхъяьлла йолу произведени – роман дуьххара Арсанов СаьIид-Бейс язйина.

Чолхе а, хала а хилла яздархочун дахаран, кхоллараллин некъ. Арсанов СаьIид-Бей вина 1889 шеран 2-чу октябрехь Нохчийчохь, Жимачу АтагIах, ахархочун Арсанбекан доьзалехь.  ЧIир тIеяр бахьана долуш юьртах вала дезна Арсанбекан. Шен доьзалца Владикавказе кхелхина а вахна, цигарчу дашший, детий доккхучу заводе балха хIоьттина иза. 1905 шарахь Россехь белхалой меттахбевлла, революцин болам болабелча цу юкъа вахна Арсанбек. Революцин боламехь  дакъалацарна 1907 шарахь паччахьан Iедало лаьцна Сибрех вахийтина иза.

СаьIид-Бейс Владикавказехь 4-шеран училище чекхъяьккхина. 1907 шарахь Баку гIалахь цхьана гIишлошъяран организацин конторехь коперовальщикан, чертежникан болх бина. Цул тIаьхьа Одессе а вахна, цигара электротехнически училище чекхъяьккхина, дешарца цхьаьна болх а беш. Юха цIа а вирзина, цхьана муьрехь Владикавказехь болх бина, «Терек» газетаца юххера уьйр а латтош. 1910-чу шарахь Петербургерчу политехнически  институте деша воьду Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь революционни ойла йолчу студентащца цхьаьна вара СаьIид-Бей. Политически демонстрацешкахь дакъалацарна чувоьллина иза. Ши бутт чохь а баккхийтина, Вятски губерни ссылке хьажийна. Цигара вада аьтто а баьлла Варшаве а, цул тIаьхьа дозанал дехьа Германи а кхочу иза. Цигахь цхьана машинаш ечу заводехь слесаран а, монтеран а белхаш бина цо. Студентийн гIаттамашкахь виллина дакъалоцуш а хилла иза. Арахьа дуккха а хало, гIело лайна цо, амма дуьне а, адамаш а довзарехь мехала хан хилла иза яздархочунна. Хьалхара империалистически тIом болабелча, Росси юха вогIу Арсанов СаьIид-Бей.  ЦIа вирзинчул тIаьхьа 1917-1921 шерашкахь Иркутски университетехь доьшу цо. Колчакан кIайчу эскаршна дуьхьал бинчу тIемашкахь дакъалоцуш  а хилла иза.

1921 шарахь кхайкхина Нохчийчу схьавалаво Арсанов СаьIид-Бей, идеологически болх дIабахьарца доьзна гIуллакхаш тIедохку цунна. Арсанов СаьIид-Бейс белхаш бина тайп-тайпанчу серлонан, бахаман, партийни учрежденешкахь. Доккха гIуллакх дина цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь.

Нохчийн дуьххьарлера газета арахецаран гIуллакх  тIедиллина Арсанов СаьIид-Бейна. Корматалла вовшахтохараллин оьшу болх дIабахьа дезна. Цу тIехь Арсановна,  Нохчийчу а веана, дика гIо дира хIетахь Ростовехь «Советский Юг» газетан редакцехь балхахь хиллачу Александр Фадеевс. Оьрсийн гоьваьллачу яздархочунна даггара баркалла аларца хьахайора Арсанов СаьIид-Бейс и хан. 1923-чу шеран 23-чу апрелехь, Арсанов СаьIид-Бей редактор а волуш, араелира «Советская автономная Чечня» газетан дуьххьарлера номер. ТIаьхьо, «Серло» цIе а йолуш, нохчийн маттахь арахеца долийнчу оцу газетан доккха маьIна хилла къоман литературий, культурий кхиорехь.

Цул тIаьхьа Москва балха дIавуьгу Арсанов СаьIид-Бей. Цхьана муьрехь Кремлерчу Оружейни палатехь Iилманан секретарь Iийна иза, тIаккха масех шарахь ВЦИК-ан Президиумехь Нохчийчоьнан векал а хилла.

Оцу хенахь Нохчийн областан  партин органашкахь болх беш нохчийн кIезиг хилла. Дуьххьара Нохчийн обкоме балха хIоттийна веккъа цхьа нохчи – Авторханов Iабдурахьман, орготделан заведующи. Цо гIайгIабарца обкоме дIаэца болийна нохчийн къомах болу белхахой. Иштта обком партин культпропотделан заведующи хIоттийна Арсанов СаьIид-Бей. Оцу хьокъехь яздина шен дагалецамашкахь Авторханов Iабдурахьмана.

Партин ЦК-н тидамехь хилла лаккхара дешар а дешна, кIорггера хаарш а, доьналла а долу Арсанов СаьIид-Бей. Тайп-тайпана жоьпаллин гIуллакхаш тIедохку цунна. 1933-чу шарахь иза хьажаво Колыме, пачхьалкхан органашка балха. Цигахь шина шарахь райисполкоман  председателан болх бо цо. 1935-чу шарахь Нохчийчу цIа вогIу иза. Нохч-ГIалгIайн меттан, историн Iилманан-талламан института директор хIоттаво Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь цо доккха гIуллакх дина нохчийн, гIалгIайн меттанаш а, истори а Iилманца таллар вовшахтохарехь. Леррина тидам тIебохуьйту къоман барта кхолларалла гулъярна а, иза зорбанехь арахецарна а.

1937-чу шеран 3 октябрехь Арсанов СаьIид-Бей  НКВД-ан белхахоша, лаьцна чу  а воьллина,  буржуазни националисташна гIо деш хилла   аьлла, бехке а вина,  Сибрех вахийтина. ТIаьхьа, яздархочуьнан  цхьа а тайпа бехк цахилар билгал а доккхуш, мукъа витина.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, шовзткъалгIий – шовзткъеитталгIий шерашкахь яздархочо Казахстанехь халкъан образованехь болх бо. Республика метта а хIоттина, цIа дирзинчул тIаьхьа, 1957 шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин  Яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина иза. Цу даржехь болх бина Арсанов СаьIид-Бейс 1959 шеран март баттахь пенсе ваххалц.

Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш дуьххьара зорбане евлла 1924-чу ш. Цу хенахь «Советский юг», «Известия» газетийн агIонаш тIехь кест-кестта арадовлу цуьнан дийцарш, очеркаш, статьяш. ТIаьхьо Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш арайийлина  «Красная новь», «Народный учитель» цIерш йолчу журналаш тIехь а. Арсанов СаьIид-Бейн цIарца дозаделла ду къоман литературехъ романан жанр кхоллаялар. 1930 шарахь «Революция и горец» журналан кхаа номерехь зорбатуьйхира яздархочуьнан йоккхачу эпически произведенин дакъош. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча нохчийн маттахь «Ши тIаьхье» цIе  а йолуш араелира и роман. 1930 шарахь зорбанехь араяьлла Бадуев СаьIидан «ПетIамат» цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман а.

Цу тайпана, Бадуев СаьIид а санна, къоман литературехь романан жанр йолорхо ларалуш ву Арсанов СаьIид-Бей а. Билгалдаккха деза, Бадуев СаьIид юьззина чекхъяьлла роман язъян ца кхианехь, Арсанов СаьIид-Бейс эпически йоккхачу форманан берриге а лехамашна жоп луш йолу роман нохчийн, гIалгIайн литературашкахь дуьххьара язйина хилар. «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу романан хьалхара вариант ларалуш ю «Ши тIаьхье». Турпалхойн васташ даржош, сюжетан зIенаш тIеюзуш, идейно-исбаьхьаллин чулацам кIаргбеш болх бина автора шен произведени тIехь. «Маца девза доттагIалла» роман араяьлла 1956-чу шарахь Алма-Атахь. ХIХ бIешо чекхдолучу – ХХ бIешо долалучу муьрехь Нохчийчоьнан юкъараллин дахаран социальни хьелаш гайтина романехь.

Оцу хенахьлерчу дахаран суьрташ  эпически шуьйра а, кIорггера а дехкина. Тайп-тайпанчу географически меттигашкахь кхочушхуьлу гIуллакхаш, дуккха а исторически хиламаш бу романан чулацамехь. Къинхьегаман  халкъо, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша паргIатонехьа латто къийсам гайтар ду романехь коьртаниг. Къаьмнашна юкъахь  интернациональни доттагIалла кхолладаларан а, иза чIагIдаларан а хьелаш гайтина  автора. Шина чкъурах бу романан турпалхой: Арсбий, цуьнан могIарера бершший; Беной, цуьнан нийсархой.  Царах хIор чкъор а шайн хенаца догIуш, шайн амалшца, лехамашца гайтина. Дегайовхонца кхоьллина Арсбин, Джабраилан, Джон, ТIатIашан, церан накъостийн васташ. Цаьргахула гайтина адамийн ойланехь хуьлуш болу хийцамаш. Дахаран, шайна гонах гуш долчуьнан социальни маьIна дан Iема уьш. Арсбин  кхетам кхиарехь  мехала яра цуьнан Ивашинца а, Ульяшеваца  хилла уьйраш. Романехь дикачарах ду зударийн васташ: Хедижат, Селима, Ульяшева. Боккхачу деган лазамца, амма царах воккхаверца гайтина уьш автора. Ша-тайпана хьежамаш бу авторан кегийрхошка: Бенога а, цуьнан накъосташка а. Сирла хиндерг царах доьзна лору автора.

Яздархочо шуьйра пайдаэцна шен романехь халкъан барта кхоллараллех. Цунна кIорггера евзара нохчийн фольклор. Арсанов СаьIид-Бейс гулйина, зорбанехь арахецна къоман барта кхоллараллин шиъ сборник. Шен къастамаш бу «Маца девза доттагIалла» романехь халкъан барта произведенех пайдаэцаран. Фольклоран битамаша гIо до авторна къоман ламасташ, г1иллакхаш, оьздангалла йовзийта, адамийн ойланехь дерг гучудаккха, церан лаамаш, сатийсамаш гайта, халкъан дахаран къеггина долу суьрташ дахка. Джабраилан иллеш, Селимас шен шина йоIана дуьйцу туьйранаш, хабарш романан хиламех къасталур доцуш дIаийна ду. ДуххьалдIа барта произведенеш текстана юкъаялорца  кхачалуш  яц романан барта кхоллараллица йолу уьйраш. Яздархочун идейни, исбаьхьаллин Iалашонаш  кхочушъярехь шайн маьIна ду церан. Романна цхьа ша-тайпа аьхналла а луш, йоьшуш волчунна исбаьхьаллин Iаткъам бан гIо до цара.

«Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книги тIехь болх беш вара яздархо. Цхьа кIеззиг долу дакъош зорбанехь ара а девллера. Схьахетарехь, революци хиллачул тIаьхьа  вайн махкахь керлачу дахарехьа къинхьегамца къийсам латтор гайта дагахь хилла яздархо  романан шолгIачу книги тIехь. Амма  шен Iалашо кхочушъян ца кхиъна  иза.

Арсанов СаьIид-Бейн «Серебристая улыбка» цIе йолу  книгина зорбатоьхна 1965 шарахь. Ткъе иттех шо хьалха ша болх бинчу Колыма а вахна, хIетахь ша лелла меттигаш гина, цигарчу адамашца цхьаьнакхетарш а хилла, цIа веъча, арахецна яздархочо и книга. Оцу мехкан буьрсачу хазаллех, цигарчу адамийн хьуьнарех дуьйцу яздархочо шен барамца йоккха йоцчу книги тIерачу дийцаршкахь, очеркашкахь.

Арсанов СаьIид-Бей гоьваьлла яздархо вара, цуьнан произведенеш Нохчийчохь евзина ца Iаш, йоккхачу советски пачхьалкхехь а евзуш а, лоруш а яра. Мехала хазна йиллина цо дукхакъаьмнийн литератури юкъа. Яздархочух, цуьнан кхоллараллех лаьцна алссам материалаш, статьяш арайийлина цIеяххана девзаш долчу журналаш тIехь «Дружба народов», «Дон», «Новый мир» кхечарна а, центральни газетийн агIонаш тIехь а. Яздархочун «Маца девза доттагIалла»  роман маситтазза зорбатоьхна оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь Алма-Атахь, Москвахь, Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан дийцарш, очеркаш арайийлина дуккха а меттигашкахь, изданешкахь а.

Арсанов СаьIид-Бейн дахаран некъ  хедира 1968-чу шеран 12 июлехь. Яздархо кхелхинчул тIаьхьа, 1969 шарахь, араяьлла «О близком и далёком» цIе а йолуш, коьрта долчу декъана зорба  тохаза хиллачу произведенийн книга.  Цу тIехь дийцаршца, очеркашца  цхьаьна зорбатоьхна дара  «Маца девза доттагIалла»  романан  шолгIачу книгина  яздархочо лерина  хилла  дакъош а. 

Кхузахь, цуьнан дукхахайолчу произведенешкахь санна,  гIиллакх-оьздангалла, къонахалла, доьналла долуш бу книгин турпалхой. Масала, райисполкоман председатель Диас, заводан директор Бено, кхиберш а.

Оьрсийн маттахь язйина Арсанов СаьIид-Бейс шен произведенеш, амма чулацамца, идейно-исбаьхьаллин къастамашца нохчийн къоман литературин произведенеш  ю уьш. Арсанов СаьIид-Бей шен дахар, исбаьхьаллин похIма къоман литература, культура кхиорна дIаделлачарах ву.

Арсанов СаьIид-Бейн зорбанехь арайийлина произведенеш

Нохчийн маттахьШи тIаьхье. Роман. Оьрсийн маттера гочйина Х. М. Яхшаатовс. Соьлжа-ГIала, 1931. Маца девза доттагIалла (Романан дакъош) // Ленинан некъ. 1957. 18 июль — 12 дек., №№ 6, 7, 9, 11, 15, 61; 1958,. 22. 29 янв. №№ 8, 19. Маца девза доттагIалла. Гочйина. Х. Исмаиловс, Б. Чалаевс. Роман. Грозный, 1960. Къеггина гайта вайн заманан турпалхо. «Ленинан некъ», 1965. 15 январь. Дахаран бакъдерг. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 29 май. Берзалой Iедал. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 2 июнь. Нана. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 15 май. Оьрсийн маттахьДержи крепко свое сердце. (Главы из романа «Держи крепко свое сердце») //Грозненский рабочий. 1930. 22 май — 8 июнь. Аул и люди (Главы из романа «Держи крепко свое сердце») // Революция и горец. 1930. № 1. С. 70-78; № 2. С. 63-69. За невестой, Земли ему (Главы из романа «Держи крепко свое сердце»).«Революция и горец», 1930, № 8, стр. 67-72. 905-й год (Отрывок из романа «Держи крепко свое сердце») // Грозненский рабочий. 1935. 22 — 29 сент. Расправа в тюрьме. Главы из романа «Держи крепко свое сердце» // Грозненский рабочий, 1935, 2-6 окт. Суд (Отрывок из романа «Когда познается дружба»). // Къинхьегаман байракх. 1956. 17 май. Когда познается дружба (Отрывок из одноименного романа) // Грозненский рабочий. 1957. 26 февр. Слово о матери (Отрывок из романа «Когда познается дружба») // Грозненский рабочий. 1960. 17 нояб. Когда познается дружба. Роман. Алма-Ата, 1956. Когда познается дружба. Книга 1. Грозный, 1960.. Когда познается дружба. Роман. Грозный,1963. Ононди. Рассказ // На Севере Дальнем. 1964. № 2. Серебристая улыбка. Очерки и рассказы. Грозный, 1965. О верном друге. Роман. М., 1968. О близком и далеком. Рассказы и очерки. Грозный, 1969. Избранное. Когда познается дружба. Роман. М., 2009.

Пред След Страница:

Просмотров:5779 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

На Фото Сулейманов Ахьмад     Арсанукаев lабдулла СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД (1922 – 1995) ТкъолгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис...

Подробнее »

Просмотров:2588 Чеченская литература

ЮСУПОВ IАЗИМ

На Фото Юсупов Iазим     Арсанукаев lабдулла.  Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан...

Подробнее »

Просмотров:3346 Чеченская литература

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ

На Фото Шайхиев lалвади     Арсанукаев lабдулла. ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947) Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза...

Подробнее »

Просмотров:3668 Чеченская литература

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям     Арсанукаев lабдулла ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000) Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов...

Подробнее »

Просмотров:6247 Чеченская литература

Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин     Арсанукаев lабдулла Махмаев Жамалдин (1939 – 2014) Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал...

Подробнее »

Просмотров:2053 Чеченская литература

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало...

Подробнее »

Просмотров:2687 Чеченская литература

КИБИЕВ МУСБЕК

На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997) Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу...

Подробнее »

Просмотров:3725 Чеченская литература

ДИКАЕВ МОХЬМАД

На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979) Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн...

Подробнее »

Просмотров:1821 Чеченская литература

ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА

На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА (1930 - 2010) Дадашев Iабдулла вина 1930-чу шеран 28-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. Школе  Соьлжа-ГIалахь  вахна.   Нохчийн  къам махкахдоккхуш 6 классехь доьшуш хилла Iабдулла....

Подробнее »

Просмотров:1714 Чеченская литература

ГАЦАЕВ САЬIИД

На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012) ТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи,...

Подробнее »

Просмотров:1851 Чеченская литература

БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД

На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра...

Подробнее »

Просмотров:6761 Чеченская литература

АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012)

На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. АРСАНУКАЕВ ШАЙХИ (1930 – 2012) «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин...

Подробнее »

Просмотров:4237 Чеченская литература

АЙДАМИРОВ-АБУЗАР

Абдулла Арсанукаев.   АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005) Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан...

Подробнее »

Просмотров:1002 Чеченская литература

Айдаев ЮшаI

Арсанукаев Iабдулла.   АЙДАЕВ ЮШАI (1938 – 2004) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн...

Подробнее »

Просмотров:949 Чеченская литература

Абдулаев Зияудин

Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН (1926 – 1994) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах...

Подробнее »

Просмотров:724 Чеченская литература

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии"

О втором этапе проекта "Чеченская литература. Персоналии". Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на 2015 -...

Подробнее »

Просмотров:6010 Чеченская литература

Эдилов Хасмохьмад

Арсанукаев Iабдулла ЭДИЛОВ ХАСМОХЬМАД (1922 – 1991) Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада...

Подробнее »

Просмотров:2483 Чеченская литература

Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969) Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна...

Подробнее »

Просмотров:1410 Чеченская литература

СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ

Арсанукаев Iабдулла СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИ (1902 – 1961) ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула...

Подробнее »

Просмотров:3790 Чеченская литература

Сальмурзаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958) Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду. Нохчийн...

Подробнее »

Просмотров:2728 Чеченская литература

Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Персоналии

Институт развития образования Чеченской Республики совместно с Информационным агентством  «Чеченская Республика (Чечня) Сегодня» открывает новый проект «Чеченская литература. Персоналии». Автор и ведущий проекта Абдулла Арсанукаев  Главная цель проекта – способствовать духовно-нравственному...

Подробнее »

Просмотров:6722 Чеченская литература

Сулаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992) Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу...

Подробнее »

Просмотров:8231 Чеченская литература

Ошаев Халид

Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД (1898 – 1977) Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу...

Подробнее »

Просмотров:2581 Чеченская литература

Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш...

Подробнее »

Просмотров:2487 Чеченская литература

Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978) Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю...

Подробнее »

Просмотров:3367 Чеченская литература

Мусаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД (1915 – 1999) Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара...

Подробнее »

Просмотров:3328 Чеченская литература

Музаев Нурдин

Арсанукаев Iабдулла Музаев Нурдин (1913 – 1983) вина 100 шо кхачарна Шен чулацамца, жанрийн башхаллашца шуьйра а, произведенешца дукха а  ю Музаев Нурдинан кхолларалла. 1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа...

Подробнее »

Просмотров:6853 Чеченская литература

Мамакаев Iаьрби

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958) Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а...

Подробнее »

Просмотров:13235 Чеченская литература

Мамакаев Мохьмад

Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ (1910 – 1973) Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна...

Подробнее »

Просмотров:3071 Чеченская литература

Дудаев Iабди

Арсанукаев Iабдулла ДУДАЕВ IАБДИ ДУДАЕВИЧ (1901 – 1937) Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш...

Подробнее »

Просмотров:2151 Чеченская литература

Гайсултнов Iумар

Арсанукаев Iабдулла ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980) Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш...

Подробнее »

Просмотров:6800 Чеченская литература

Гадаев Мохьмад-Салахь

Арсанукаев Iабдулла ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972) ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла...

Подробнее »

Просмотров:4275 Чеченская литература

Ахматова Раиса

Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992) Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн,...

Подробнее »

Просмотров:3399 Чеченская литература

Арсанов СаьIид-Бей

Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968) Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь...

Подробнее »

Просмотров:1582 Чеченская литература

Анзорова Балкан

Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997) ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа...

Подробнее »

Просмотров:5204 Чеченская литература

Айсханов Шамсуддин

Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира...

Подробнее »

Просмотров:2379 Чеченская литература

Авторханов Iабдурахьман

Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман (1908-1997) Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна....

Подробнее »

Просмотров:10004 Чеченская литература

Бадуев СаьIид-Салихь

Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938) Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу...

Подробнее »

iroars.ru

"Айдамиров Абузаран кхоллараллин лехамаш а, кхиамаш а".

Научно – практическая конференция «Шаг в будущее-2017»

hello_html_4afa52fe.jpg

Докладчик: ученица 8 «В» класса СОШ №42 г.Грозный

Берсанукаева Раяна Висамбиевна

Научный руководитель: Илясова Зина Хамидовна

(преподаватель чеченского языка и литературы, высшее, 40 лет, высшая)

Грозный - 2017 г.

Д1адолор…………………………………………………аг1о 3

Дахар а, кхолларалла а…………………………...……аг1о 5

«Еха буьйсанаш»………………………………….........аг1о 11

«Лаьмнашкахь ткъес»………………………………….аг1о 16

«Дарц»…………………………………………….……...аг1о 17

«Сан дахаран некъ»……………………………..….….аг1о 21

Музейх дош………………………………………………аг1о 22

«Вина мохк»……………..………………………………аг1о 26

«Гуьйре»………………………………………….………аг1о 28

«Ненан мотт»……………………………………..………аг1о 29

Д1адерзор………………………………………..……….аг1о 30

Пайдаэцна литература

Приложенеш

Д1адолор

Лаьар-кха сайн оьмар жимма яхлойла,

Хьомечу халкъана, махкана ваца.

Цаьршиннан ирс кхуллуш доггах къахега,

Т1аьххьара ц1ийн т1адам царна д1алойла…

Х1ора а къоман литературехь тайп-тайпанчу бахьанашца х1ара я важа жанраш къаьсттина билгалйовлуш заманаш хуьлу. Д1адаханчу б1ешеран 60-70 г1ий шерашкахь нохчийн литературехь иштта жанр хилира историн роман. Кхойтта шарахь хийрачу махкахь мух1ажарш хилла даймахка юхабирзина нохчийн керла дахар д1адолош бара. Царна х1инца ч1ог1а лаьара шайн истории хаа, цуьнан уггаре бохаме хилла аг1онаш йовза. Цундела тамашийна х1ума дацара баккхийчийн чкъурах болчу яздархоша историн романа т1е тидам берзор. Арсанов Саь1ид –Бейс «Маца девза доттаг1алла» романехь теллира 19-г1а б1ешеран юьххье кхаччалц хила долу нохчийн халкъан дахар, амма роман чекхъяккхаза йисира. Ошаев Халида шен «Алун шераш» трилогехь гайтира 19-г1а б1ешеран 40-г1а шерашкара дуьйна -20-г1а б1ешерашкара граждански т1ом чекхбаларе кхаччалц д1абахна хиламаш. Мамакаев Мохьмада шен «Зеламха», «Революцин мурд» романашкахь кхоьллира 20-г1а б1ешеран юьххьехь нохчийн халкъан дахаран сурт шина турпалхочун васташ т1ехь –цхьа лелачу обарган Зеламхин а, нохчийн халкъан революционни къийсаман куьйгалхочун Шерипов Асланбекан а. Ц1ераш яьхна и ерриге произведенеш, шеко йоццуш, исбаьхьаллин кхиам бара оцу шерийн

Айдамиров Абузар нохчийн яздархойн керлачу чкъуран векал вара, цуьнан бералла дерриге халкъаца махках ваккхарна кхоьлина дара, цунна хьалха х1ора денна х1уьттура, шен халкъан а бехках лаьцна хаттар–стенна, х1ун бахьана долуш махках къастийна ша? Нохчийн халкъах, шаьш 1амийначу ненан маттах, шайна ца хуучу шайн историх, ца евзачу культурах хьакхалуш мел дерг ч1ог1а дагах кхеташ т1екхиъна чкъор дара и. Оцу дерригено а балийра вайн литературе д1адаханчу б1ешеран 50-60 шерашкахь Айдамиров Абузар а, иштта Арсанукаев Шайхи, Хасбулатов Ямлихан, Окуев Шима, Сатуев Хьусейн, Кибиев Мусбек, кхин дуккха а .

hello_html_m7c8f576.jpghello_html_m34c2b30.jpghello_html_7ff23606.jpghello_html_ac90112.jpg

Х1окху Дуьненахь адамийн тобанан, кхетамца, цхьана маттаца, дуьнене хьежамашца кхиъначу халкъан я къоман шена юкъахь ц1е йоккхуш къаставой, оцу къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш,эхь-бехкан, доьналлин, собаран а, масал хуьлий лаьтташ стаг-къонах хуьлу. И стаг-къонах, шегахь къоман эс лардийриг, эхь-бехкан хехо, замано ха харцарх шен юьхьан чкъор, амал, дог-ойла ца хуьйцуш лаьтта, наж-дитт санна лаьмнашкахь, мацах-цкъа дайша йоьг1на б1ов санна. Цуьнан дахаран некъех а, цуьнан дашах а хан-зама яларца къилба хуьлу, адамаллин, къинхетаман, доттаг1аллин, стогаллин, собаран гечонах тиллачунна нисвала г1о деш… Массо а къаьмнийн бу яздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан ох1ланаш, са ц1ена нах. Церан ницкъ кхочу шен къоман лазамах кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта.hello_html_m7743460.jpg

infourok.ru

Халкъан кицанаш / Centoroy

ХАЛКЪАНА 1ЕР-ДАХАРЕХЬ ЗЕДЕЛЛАРГ

1. БИИ КУОГ боллушиехьа говр а йолу гал. (УС-Е, 17)*

2. Бух боцу шелиг хих дузур дац. (УС-Е, 17)

3. Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана хезначул. (НХК-19)

4. Валарах кхоьруш воцург лийр вац. (АДШ-1224)

5. Вираца лаьттина эса вирах 1аьхна. (НХК-20)

6. Воьдуш динарг хьесап дац, вог1уш динарг бен. (НХК-20)

7. Денна ца яхьа хе чалх. (НХК-21)

8. Д1аг1оьртинчу стеран белкорта** йоьйна, юхаг1оьртинчу стеран ма1а йойна. (АДШ-1247)

9. Кепах тера йолу кибарчиг. (НХК-15)

10. Керлачу норо нехаш ц1ена йоху. (АДШ-1247)

11. Куьпчичо т1ам шена луъучу буллу. (НХК-16)

12. Кхийринчу(н) нана йилхина яц. (УС-Е, 18)

13. Къеначу барзо ши уьстаг1 баьхьна. (НКК-16)

14. К1елахь г1ура йоцуш, 1ам т1ехь ша бийр бац. (НХК-21)

15. Ла ца дуг1учунна дина хьехар хьакхина хьалха оьллина жовх1ар ду. (АДШ-1209).

16. Малх хьаьж-хьаьжначу х1у таса - х1у тес-тесначу 1индаг1 х1уттур ду хьуна. (НХК-16)

17. Маха лиелачухула тай а лиела. (УС-Е, 17)

18. Нехин диег1ах боллун пхуо*** хионах боллуш санна хиета. (УС-Е. 17)

19. Оза делахь а, жижиг тоьла. (АДШ-1001)

20. Пхьеруо морзух лелабуо, куьг ца дагуон. (УС-Е, 17)

21. Саргах ца бина х1оз г1ожух хир бац. (УС-Е, 17)

22. Т1ам бойна леча ламанца тарлуш дац. (АДШ-1216)

23. Хи долчохь бен хуьлуш дац дахар. (АДШ-1216)

24. Хийистехь вехачунна хин гечо девза. (НХК-17)

25. Хьера йиллале, к1арк1ар йиллина. (НХК-17)

26. Цамгар, йог1уш, не1арх йог1у, йоьдуш, механ 1уьргах йоьду. (АДШ-1216)

27. Цериг йоцуш буорз хир яц. (УС-Е, 18)

28. Цкъа кагъелла меже нийса ца х1оттаелла. (АДШ-1247)

29. Ц1а дагахь а - ц1е тоьла, кха дагахь а - малх тоьла. (НХК-23)

30. Ц1арца бегаш ма бе, хих а ма теша. (НХК-23)

31. Ч1еруо лоху хи чохь к1оргу меттиг. (УС-Е, 17)

32. Шен хеннахь вижнарг кхаа вонах ваьлла, шен хеннахь г1аьттинарг кхаа диканах кхиъна. (НХК-18)

33. 1уьйре ц1ийелча - кхоллар кечъе, суьйре ц1ийелча - кхаллар кечде. (НХК-18)____________________________*Х1окхуьнан а, кхин д1айолчу шифрийн а маь1на далийна, Билгалдаккхаран "Кицанаш" ц1е йолчу декъа т1ехь**Динбухка.***Пха.

ДАЙМОХК

1. Вина мохк мазал мерза бу. (ЧФ-П, 189)

2. Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо. (АДШ-84)

3. Мехка доцчу иэро пхьагал ца лаьцна. (НХК-25)

4. Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу. (ХД-32)

5. Ц1ийнах идда бежана берзан бага дахна. (ХД-45)

6. Ц1ийнах идда бежана не1арца дайна. (НХК-23)

7. Шен ненан сий лардечо - Даймехкан сий а лардийр ду. (АДШ-114)

8. Шен ц1а - ц1ен ц1а. (НХК-25)

Г1ИЛЛАКХ, ОЬЗДАНГАЛЛА

1. Болх бечу кхаьчча, - болх бе, юучу кхаьчча - яа. (НХК-14)

2. Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо. (ХД-12)

3. Воккхачо аьлларг дайна дац. (АДШ-33)

4. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. (ХД-12)

5. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна. (НХК-36)

6. Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла. (АДШ-1232)

7. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае. (АДШ-39)

8. Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина (ХД-20)

9. Къиг т1ееъча, къиг а г1отту хьала. (НХК-28)

10. Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш санна юу х1ума. (АДШ-30)

11. Стеган мах ша хадийнарг бу. (ЧФ-II, 183)

12. Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву. (АДШ-1229)

13. Юххерчуьнга мала а ца олуш хи мелларг а, мала аьлча, и мелларг а - ший а ж1аьла ду. (АДШ-34)

ДЕШАР, ХЬЕКЪАЛ, КХЕТОШ-КХИОР

1. Дешар - серло, ца дешар - бода. (ХД-18)

2. Йоза доцу стаг шура йоцучу аттах тера ву. (АДШ-83)

3. Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу. (НХК-37)

4. Кхоччуш хьекъал долчуьнан къамел доца хир ду. (АДШ-40)

5. К1езахь 1еминарг, пхьарахь а ца дитина. (ХД-28)

6. Майра ву алий, кура а ма вала, хьекъал долуш ву алий, сонта а ма вала. (АДШ-81)

7. Нахана юккъехь леларе терра бен хуьлуш дац хьекъал. (ХД-31)

8. Стеган хазалла ца лоруш, дикалла а, хьекъал а лара. (АДШ-82)

9. Ткъа шарачохь ца хилла хьекъал цкъа а хир дац. (АДШ-1216)

10. Хьекъал долуш верг мила ву? - аьлла. - Нахе х1ума хоттург ву аьлла. (АДШ-80)

11. Х1ума хаар - нахе ладог1ар. (НХК-23)

ДОЬЗАЛ, ГЕРГАРЧУ НЕХАН ЮКЪАМЕТТИГАШ

1. Ваша ваша ву, эшначу меттехь хьалха х1уттуш велахь. (АДШ-1216)

2. Ваша воцу йиша - 1индаг1. (АДШ-1246)

3. Вежарийн безам - т1улгал а ч1ог1а бу. (АДШ-1231)

4. Дений-нанний муьт1ахь боцу доьзал - гергара мостаг1. (НХК-27)

5. Дика доьзал кхиънарг нахалахь корта лекха хир ву. (ХД-19)

6. Доьзал дика - беркат дукха. (НХК-28)

7. Лела ца хиъна нускал, олла баьхьна яй санна, духадеъна. (АДШ-1216).

8. Марцхошца къийсина нус ц1ийнах яьлла. (ХД-29)

9. Несана хьекхийна цергаш к1антана яхна. (АДШ-1216)

10. Нуц валар - арахьара вон, нус ялар - чоьхьара вон.(АДШ-1216)

11. Сунцхой а, ненахой а ца лоруш верг лай лерина. (АДШ-38)

12. Чохь ца хилла сий - арахь а хир дац. (НХК-32)

НАНА

1. Дикачу ненан - дика йо1 хуьлу, хазачу ненан - коча йо1 хуьлу. (АДШ-1730)

2. Нанас йина чов лаза ца лозу. (АДШ-49)

3 Ненан оьг1азло ло санна ю: дуккха а дог1а, амма сиха деша.(НХК-28)

4. Ненан сий динарг махко а лерина. (АДШ-50)

ЙО1

1. Г1иллакхех бен хуур дац йо1 дика муьлхарг ю. (АДШ-1216)

2. Махмаран духаро хазъеш яц йо1, мел хаза заза хиларх къаьсташ бу ба1. (АДШ-1730)

3. Нанас хестийна йо1 мехала ца яьлла. (НХК-21)

4. Хаза йо1 кхиъначу ден сий алсамдолу. (ХД-38)

5. Хаза йо1 тиша коч йоьхча а, товш хуьлу. (НХК-32)

ЗУДА

1. Бартана чехка зуда хьуьнарна сов хир аьлла. (АДШ-1216)

2. Дика зуда - бахам, вон зуда - бохам. (АДШ-48)

3. Дика зуда ирс ду, вон зуда дов ду. (АДШ-1216)

4. Дикачу зудчун майра т1ехь беркъа хир вац. (АДШ-1216)

5. Зуда елхочо - бераш делхадо. (АДШ-1730)

6. Зудчо боьллинчу сардамо - йицйо тоьпан чов. (АДШ-1730)

7. К1антана зуда ялийна - ненан к1удална т1е к1удал кхетта. (АДШ-1216)

8. Тхов т1ера чувоьжнарг - лазавой вуьсу, зудчун даг т1ера воьжнарг - т1епаза вов. (АДШ-1216)

ДИН

1. Вуьзначу мута1еламах дала ларвойла. (НХК-52)

2. Гуттар ца лаьтта моллина мовлад. (НХК-52)

3. Массо а стагана там бина дела а вер вац. (АДШ-103)

4. Меца волчу моллина бисмилла ца хеза. (АДШ-104)

5. Моллас саг1а даьккхича, шайт1ано зурма лекхна. (НХК-52)

6. Моллас, ша лелош дерг ма леладе, леладе бохург леладе аьлла. (АДШ-106)

7. Мурдана шайх веза, шайхана - шура еза. (НХК-52)

8. Саьрамсекхан к1олла, хьаьжц1а баьхьча а, ца яйна. (ХД-35)

9. Хила яздинчунна моллин дан х1ума дац. (АДШ-107)

10. Цхьа а стаг вац зингатан б1аьргаш, лаьхьан когаш, моллин саг1а гина. (АДШ-105)

11. Чоме хьовсий вай аьлла гай даьтт1ачу моллас. (НХК-52)

12. Шена х1ума елча, жен-ж1аьла а кешнашка д1адолла магийна моллас. (НХК-52)

13. Шена х1ума елча, моллас ж1аьлина а даьккхина жайна. (НХК-52)

14. Шина саг1ийна т1аьхьаваьлла молла цхьа а доцуш висна. (ХД-48)

СТЕШХАЛЛА, МАЙРАЛЛА

1. Аьтто боцчохь юхавалар - стешхалла яц. (НХК-44)

2. Аьхка лаьхьа гинарг - 1ай карсах кхийрина. (НХК-44)

3. Б1аьрг стешха - куьг майра. (НХК-44)

4. Вуьзначул т1аьхьа 1ийнарг стешха лерина. (НХК-27)

5. Г1аз т1аьхьа хьаьдча, Бекха а ца воьхна. (НХК-44)

6. Котам а хилла вехачул, н1аьна а хилла, велча тоьла. (НХК-44)

7. Кхеравелча хиндерг, кхера ца велча а хир ду. (НХК-44)

8. Ла мел дийг1и, татанаш сов хеза. (НХК-44)

9. Ойла а ца еш, дош ма ала, аьллачул т1аьхьа, хьайн дашна т1ера а ма вала. (АДШ-94)

10. Стаг тоьлла ву алий, хьайн бакъо ма йита. (АДШ-1216)

11. Стешхачу ж1аьло т1ехьашха катуху. (НХК-45)

12. Чохь майралла - арахь стешхалла. (НХК-45)

13. Ша буьйш, дехко а юхку цергаш. (НХК-45)

14. Шен кет1ахь н1аьна а хуьлу майра. (НХК-45)

ДИКАЛЛА, ВОЛЛА

1. Бедда боьдучу сена а аьлла. (НХК-19)

2. Б1аьргаш боцчунна нехан б1аьргара к1ай гина. (НХК-19)

3. Дика вахар - нах дика бовзар. (НХК-21)

4. Дика н1аьна - ялкхан т1ехь кхойкху, вон н1аьна - миччахьа а кхойкху. (АДШ-1730)

5. Дикачу лулахочул дика х1ума а дац, вочул вон х1ума а дац. (ХД-13)

6. Дикачу лулахочуьнан астаг1 йо1 маре яхна. (АДШ-92)

7. Доттаг1алла хадо лиъча, нуьйран х1оа бехна. (НХК-27)

8. Къунна ша санна волу къу вевза. (АДШ-1216)

9. Къуьно бен хестор вац къу-стаг. (АДШ-1216)

10. Совг1атана беллачу динна бага ма хьежа. (АДШ-45)

11. Уггар хазчу стагана а цуьнан ворта еха яра аьлла. (НХК-22)

12. Хьайга далург нахе де ма ала. (НХК-17)

ДОВ, Т1ОМ

1. Дов даьлча, дов ца деш верг стаг а вац, цул т1аьхьа ца товш верг а стаг вац. (АДШ-96)

2. Дов - шар-худар дац. (НХК-27)

3. Зулам лоьхург вонах ца ваьлла. (АДШ-58)

4. Т1амо стаг вина вац, т1амо саг вийна. (НХК-29)

ДОГЦ1ЕНАЛЛА

1. Доггах билхинчу б1аьргех ц1ий даьлла. (НХК-27)

ЯХЬ

1. Яхье даьлла эппаза туьмане кхаьчна. (НХК-25)

2. Яхь йолчу дагахь - хьаг1 хир яц. (ЧФ-П, 182)

1ОВДАЛАЛЛА

1. Бацалла лаьллина вир баь1ашка дахна. (ХД-9)

2. Хьо 1овдал вуйла хаийтина-кх ахь, - аьяла цхьаьнге. - Аса-м ца хаийтира, царна шайна хиир-кх, - жоп делла вукхо. (АДШ-1244)

3. 1овдалниг хье мел вин а 1овдалволу. (АДШ-1216)

ДОТТАГ1АЛЛА

1. Ваша ваша вац и хьан доттаг1а вацахь. (НКХ-26)

2. Генара доттаг1а - йоьг1на г1ала. (НХК-27)

3. Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву. (ХД-14)

4. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац. (НХК-27)

5. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна. (НХК-27)

6. Доттаг1а коьрте хьожу, мостаг1 когашка хьожу. (НХК-27)

7. Доттаг1а шираниг тоьлу, керт - керланиг тоьлу. (НХК-28)

8. Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал. (АДШ-1730)

9. Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь, и воцуш вуьсур ву хьо. (АДШ-28)

10. Эзир доттаг1а верг ваьлла, эзир сту-етт берг велла. (НХК-29)

МАЛО

1. Беже ма т1аьхьа воьду хьо аьлча, д1а т1аьхьа водахь а, ц1а хьалхе вог1ур ву ша аьлла. (АДШ-79)

2. Ж1аьло 1аьн т1ехь ч1аг1о йо бах, б1аьсте ма-еллинехь шена бун йийр ю ша олий, ткъа б1аьста, юха а 1а т1екхаччалц ворданна к1ел дуьжий 1уьллу. (АДШ-78)

3. Малонах мазал ца хилла. (АДШ-77)

4. Халонах кхийринарг, диканах кхетта вац. (АДШ-64)

5. Х1уманна мало ечо юьхь а парг1ат юьлу. (АКШ-1216)

ЭРНА ЛЕР

1. Багахь дина х1оаш кхерзина дац. (НХК-14)

2. Боца муш а тоьлу десачу къамелал. (АДШ-18)

3. Дукха лер - дети делахь а, ца лер - деши ду. (НХК-21)

4. Дукха лер - хьекъал ца тоар ду. (АДШ-23)

5. Дог 1ахар долчуо т1уо багахь боккху. (АДШ-53)

6. Ира мотт - совг1ат, беха мотт - та1зар. (АДШ-1216)

7. К1езиг дечо дукха дуьйцу. (АДШ-22)

8. Малар а доьттина дийриг - эрна къамел ду, меллачул т1аьхьа дийриг - дехна къамел ду. (АДШ-1730)

9. Хабарал худар тоьла. (НКХ-22)

10. Хабар дукха дийцинчо болх к1езиг бина. (АДШ-1216)

11. Хьайга дог1ург аьлла 1ийча, пахана цкъа а к1ордор вац хьо. (АДШ-18)

12. Церг - деши ду, мотт - бала бу. (АДШ-1216)

13. Яьсса х1ума ч1ог1а ека. (ЧФ-11,185)

СОНТАЛЛА

1. Виро "вир" аьлча, вир аьхка дахана. (НХК-20)

2. Къахеташ ца лург дозаллина ло. (АДШ-1216)

3. Ма г1ерта бердан йисте, ва вир! Сан коча йог1ур ю хьо, - аьлла старо. (НХК-21)

4. Нехан юьртана наь1алт бохург - шен юьртах ваьлларг ву. (АДШ-1730).

5. Сихалла - сонталла, собар - кхетам. (НХК-39)

6. Сонтачу стага шен хьал хилча, - ши сте ялайо, хьекъал долчо - ц1а лакхадоккху. (НХК-38)

7. Сонтачу стеган хьекъал вист ца хилар ду. (НХК-38)

8. Т1ех аркъал ситтинарг букъ бойна висна. (АДШ-1216)

БАРТ

1. Барт болу ши стаг барт боцучу юьртал а тоьла. (АДШ-89)

2. Барт болчохь - беркат, барт боцчохь - зулам. (НХК-26)

3. Барт болчу цицигаша барт боцу берзалой эшийна. (НХК-26)

4. Барт боцучу доьзалехь беркат хир дац. (НХК-26)

5. Барт ийг1ина доьзал - ка йоцу т1ом. (НХК-26)

ХЬОШАЛЛА

1. Вуочу х1усамнанас, шина б1аьргана юккъе шад а бой, т1еоьцу хьаша, амма йоьлуш новкъа воккху. (АДШ-29)

2. Къени вахна - къа дисна, хьаша вахна - иэхь дисна. (АДШ-26)

3. Ма хатта мила ву, вуза а вай, д1авижаве. (АДШ-24)

4. Оьзда воцу стаг хьошалг1а веъча, - дика кхаба, оьздачунна - ерг елча а, кхачам хир бу. (НХК-33)

5. Сакъерделча, - хьаша парг1атволу, сагатделча, - хьаша сихло. (АДШ-1730)

6. Хан яьлча вог1у хьаша - ахь лорург ву, шен хеннахь вог1ург хьо лорург ву. (АДШ-1730)

7. Хьаша веъча, д1а-схьа ма хьежа, шуьча хьажа. (ХД-41)

8. Хьаша веъча х1усамден пхьор тоделла. (ХД-41)

9. Хьаша ца везачу х1усамненан бераш доьлхуш хуьлу. (ХД-41)

10. Хьаша ца везарг далла а ца веза. (ХД-31)

11. Хьаша ца везнарг нахана а ца везна. (НХК-34)

12. Хьаша ца вог1у ц1а кошах тера ду. (ХД-44)

13. Хьаша ца вог1учу ц1а чу беркат ца дог1у. (НХК-34)

14. Хьаша ца леринарг хьошалг1ахь а ца лерина. (ХД-41)

15. Хьешана дуьхьал нуй хьекхар - хьаша ца эшаран билгало ю. (АДШ-28)

16. Хьешана шега д1акховдийна меттиг ларъян хаа деза. (АДШ-31)

17. Хьеший оьхучу новкъахь буц ер яц. (НХК-33)

18. Хьо меца 1ай а, хьаша вузаве. (АДШ-25)

КЪИНХЬЕГАМ

1. Аьхка мало - 1ай хало. (НХК-14)

2. Аьхкенан дийно 1аьнан бутт кхобу. (НХК-14)

3. Болх бар цхьа къинхьегам, цабар - ши къинхьегам. (АДШ-1216)

4. Дехарал - беже х1оттар сийлахь ду. (НХК-15)

5. Д1адийнарг - т1едалаза дуьсур дан. (НХК-15)

6. Ирхе ца яьккхича, пурхе ца кхаьчча. (НХК-15)

7. Къа ца хьегча, хи чуьра ч1ара а ца баьккхина. (НХК-16)

8. К1айчу куьгишна наха къахьегнарг диеза. (УС-Е, 17)

9. Массо а х1уманал мерзаниг - хьанал къинхьегам. (АДШ-1216)

10. Нехан х1умане са ма тийса, хьайн куьйгашка къахьегийта. (АДШ-76)

11. Охуш эллериг - оруш карайна. (УС-Е, 17)

12. Стеран ма1а т1ехь 1ийначу мозано баьхна: гота аьхна бог1у ша. (НХК-17)

13. Хала дара алий, х1уманна б1о а ма къажабе, атта дара алий, тассий а ма дита. (НХК-17)

14. Хьалххе г1аьттинчу 1уьнан жий шала бехкина. (НХК-17)

15. 1иллинчу т1улга к1ел хи ца кхаьчна. (НХК-18)

ХЬАЛ

1. Ахчано стигала боьду некъ лехна. (НХК-48)

2. Ахчано 1ай Башлам т1ехь паста караяйтина. (НХК-48)

3. Безам буьйцу - безам болчо, бахам буьйцу - са къен долчо. (АДШ-1730)

4. Безамо 1ехийнарг - дог-к1еда хуьлу, бахамо 1ехийнарг - дог-1аьржа хуьлу. (АДШ-1730)

5. Дукха дерстина вир бердах дахана. (НХК-49)

6. Карахь долчун хама барца кхуьу даьхни. (НХК-49)

7. Къаьркъано вахийнарг - вастало, хьоло вахийнарг - ца вастало. (АДШ-1730)

8. Т1ех юьзна вир хьерайолу, говр - хьокханна т1ейоьду, стаг - эккха. (АДШ-1221)

СОБАР

1. Дин хецна битинарг - лома кхаьчна, лаьллина ваханарг - 1инчу кхаьчна. (АДШ-1730)

2 Кхихкича, т1ех ей а бог1у. (АДШ 1730)

3. Сатоьхначу салтичух эпсар хилла. (НХК-39)

4. Сихалла а йохкий, собар эца. (АДШ-1216)

5. Сихалла - сонтала, собар - кхетам (НХК-39)

6. Сихалло - са даьккхина, собаро - лам баьккхина. (НХК-39)

7. Собар - толаман меттимотт. (НХК-38)

8. Стеган дикалла собарх хиъна, говран дикалла боларх хиъна. (НХК-39)

ТЕШНАБЕХК, ХЬАРАМЛО, АЬШПАШ

1. Аьшпийн к1уьрехь б1аьргаш ца 1ийжабо. (АДШ-1730)

2. Ворх1 шо даьлча а карабо аьшпаш шен баьрчехь. (ХД-13)

3. Нахана хьекхийна цергаш шех яхна. (АДШ-61)

4. Нехан куй айхьа баьккхичи, хьайн куй чета болла. (АДШ-62)

5. Тахана харц дерг ахьа дийцахь, кхана хьох тешар бац. (ЧФ-11, 188)

6. Тешнабехк бинчух боьду. (ЧФ-П, 183)

7. Хьарам диъначуо къаьхьа 1еттина. (ЧФ-П, 182)

8. Цамоьттург хуьлу моттарг1анаш лелош волчунна. (ХД-43)

ДОШ

1. Аьлча дохковер волу дош, ма ала. (НХК-35)

2. Вон дош къорачунна а хеза. (ЧФ-П, 186)

3. Ворх1 во1 волчу ден пхьоьханахь дош лела. (НХК-12)

4. Даггара аьлла дош дагах летта. (АДШ-1216)

5. Дика дош саг1а лерина, вон дош къа лерина. (ХД-18)

6. Къонаха ваханчара дош дахьа, къиг яханчара эхь дахьа. (АДШ-93)

7. Мел бехачу новкъа а, цкъа тоьхча, тоьа дикачу динна шед, мел йоккхачу майданахь а, цкъа аьлча, тоьа хьекъале дош. (АДШ-17)

8. Стеган дагара матто схьадуьйцу. (АДШ-1231)

9. Тоьпо цхьаь бен ца вийна, матто эзар вийна. (НХК-42)

10. "Хаац" - цхьа дош, "гира", "дайра" - эзар дош. (АДШ-20)

11. Хазчу дашо лам башийна. (НХК-29)

12. Хазчу дашо лам дашо бина. (АДШ-15)

13. Хазчу дашо 1уьргара лаьхьа баьккхина. (НХК-29)

14. Хьан дош - дош дацахь, дуй - дуй бац. (НХК-36)

15. Хьалха хьажий бен ког а ма баккха, т1ехьа хьажий бен дош а ма ала. (НХК-38)

16. Х1ор дешан а шен меттиг ю. (ЧФ-11, 182)

17. Шен метта ца аьлла дош хезна дац. (ЧФ-11, 184)

18. Шина балдех арадаллалц хьан лай ду дош, арадели - хьо цуьнан лай ву. (НХК-39)

СУТАРАЛЛА

1. Бен сту белча, батта пах ца белла. (НХК-51)

2. Дукха дезаро к1езиг дезийтина. (ЧФ-11, 188)

3. Латта кхача а дина, баларна кхийрина н1аьна. (НХК 51)

4. Хи дехахь - меца вац, ца дехахь - марха ду аьлла сутарчу х1усамнанас. (НХК-51)

5. Хиларо велийнарг - дацаро велхийна. (НХК-22)

6. Шина саг1е хьаьдда молла цхьа а доцуш висна. (НХК-51)

СТОГАЛЛА

1. Дагна там т1ех безнарг стогаллах воьхна. (АДШ-1216)

2. Къелле ма хьажа, стеган стогалле хьажа. (АДШ-1216)

3. Малар мала ахча лоьхучул - ца мала стогалла лаха. (АДШ-1730)

ОСАЛАЛЛА

1. Букурвоьлла стаг кашуо нисвиер. (УС-Е, 17)

2. Вохвелча, воьлучо, шелвелча,-садуу. (АДШ-1730)

3. Да левинчо - нана а юхку. (АДШ-1730)

4. Дог-1аьржа стаг хуьлу питане, ца кхеташ верг - эладитане. (АДШ-1730)

5. Къаьркъане марзвелларг баханах воьхна. (АДШ-1216)

6. Лаьхьанна ца хаьа шен д1аьвшо х1ун до, зударшна - шайн маттодийриг хаьа. (АДШ-1730)

7. Нехан воне ца хьийзинарг, шен вонехь ша висна. (АДШ-1216)

8. Ца лозу корта ма бехка. (АДШ-1216)

ДИН (ГОВР)

1. Алаша хастае, дина хаа. (ЧФ-11, 189)

2. Говран дикалла боларх хиъна, стеган дикалла собарх хиъна. (НХК-39)

3. Дика дин а боьду цкъа гор. (АДШ-112)

4. Дика дин - боьршачу стеган т1ам. (НХК-12)

5. Дикачу динна, цкъа тоьхча, шарахь тоьа шед. (ЧФ-11, 188)

6. Дин некъаца бевза, к1ант аренца вевза. (АДШ-44)

7. Сагатделлачу къонахчун дог дино хьаьстина. (НХК-44)

1АЛАМ

1. Буьйса бодане мел хили, седарчий сирла хуьлу. (НХК-53)

2. Б1аьстенан мохо к1урз бахьа, гуьйренан мохо к1ир бахьа. (НХК-19)

3. Гурахь цхьана 1айг дог1анах варда хатт хуьлу, аьхка варда дог1анах 1айг хатт хуьлу. (НХК-53)

4. Даима эхарх, хи кхачалур дац. (НХК-36)

5. Коьртера дуьйна хьаьа хи. (ЧФ-11, 182)

6. Литтана т1е маккхал хиъча, гуьйре йоларан билгало ю. (НХК-53)

7. Ло доцуш 1а а хир дац, йовхо йоцуш аьхке а хир яц. (ЧФ-11, 184)

8. Хи гуттара цхьана хорша ца лела. (ХД-39)

centoroy.okis.ru

Календарное планирование по чеченской литературе (10 класс)

10- чу классан лерина йолу календарно - тематически планировани.

Кхеторан кехат.

  • 10 – чу классан нохчийн литература лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара дешаран а,коьрта юкъара дешаран пачхьалкхан программин бух т1ехь.

  • Ткъа х1ара документ къобалдеш т1еэцна Соьлжа – г1аларчу № 35 йолчу юккъерчу юкъарадешаран ишколан нохчийн меттан хьехархойн методически цхьанакхатараллехь 29.08.2016 – чу шарахь. Протокол № 1.

10– чу классехь нохчийн мотт хьехаран шеран рузмалан хьесапаш « Нохчийн литература » 10 – чуй классашна 1амат.Арсанукаев 1.М., Эжаев У.Х..Грозный 2013.

Сахьтийн барам: шарахь 70 сахьт, к1ирнах – 2

1 – ра ахшо

1

Хаарийн де «Ненан мотт»

Довзийтар.

1

2

Арсанов Саь1ид-Бейн дахар а, кхолларалла а. «Маца девза доттаг1алла» романан язъяран истори

1

3

Романан хьахара а, шолг1а дакъош

1

4

Аьрсби а, цуьнан накъостий а: Джо, Таташ, Джабраил

1

5

Бено. Цуьнан г1иллакх-оьздангалла

1

6

Роман т1ехь зударийн васташ: Хедижат, Селима, Ульяшева.

1

7

«Маца девза доттаг1алла» романехь къаьмнийн юкъара доттаг1алла. Арсанов С-Б. кхоллараллин мехалла.

1

8

Сочинени «Маца девза доттаг1алла» язъяр

1

9

Хьехархочо хаьржина произведении т1ехь болх бар Цуруев Ш. «Нохчийчоь» «Орга» № 3, 2004ш

1

10

Мамакаев М. кхолларалла. «Орган т1ехь сатесна», «Даймахке»

1

11

Мамакаев М. «Т1улгаша а дуьйцу»

1

12

Мамакаев М. «Зама»

1

13

Мамакаев М. «Зеламха» романан хьалхара дакъа

1

14

Тутмакхаш Соьлжа-г1ала кхачар.

1

15

З1ока волчу веана хьаша

1

16

Романехь Зелимхан васт кхолларан башхаллаш

1

17

Романан маь1на а, исбаьхьаллин башхаллаш

1

18

Мамакаев М. кхоллараллин къоманлитература кхиарехь долу маь1на

1

19

Сочинени «Мамакаев Мохьмад»

1

20

Хьехархочо хаьржине произведении Махмаев Ж. «Сайн нохчийн маттахь»

1

21

Нохчийн литература Сийлахь боккха Даймехкан т1ом лаьттинчу шерашкахь «Мархаш т1амна лелхаш», Мамакаев 1. «Дерриге т1амна»

1

22

Турпалхойн мог1арехь. Малх тоьлур бу.

1

23

Х1ицалерачу литературехь Даймехкан т1амехь гайтинчу халкъан турпаллин тема «Ирс къуьйсуш веллачун сий делахь, Латта»

1

24

Хьехархочо хаьржина произведении «Тхан нана -Нохчийчоь къинт1ера яла» «Вайнах» № 1, 05 шо

1

25

Ошаев Халидан дахаран, кхоллараллин некъаш «Алун шераш» романан дакъош доьшуш, текст т1ехь болх бар. Мария.

1

26

«Алун шераш» Амадис зуда ялор, Граждански т1ом

1

27

«Алун шераш» Г1ойт1ахь т1ом. 1алхан юрт.

1

28

«Алун шераш» подвала чохь.

1

29

Сочинени «Алун шераш» язъяр

30

Хьехархочо хаьржине произведении «Ламанан лечарчий» «Орга» № 5, 2003 ш.5-г1а аг1о

21

Гадаев М. кхолларалла. «Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта». Даймахках, дахарх ен ойла

1

32

Гадаев М. лирикехь 1аламан суьрташ. «Рег1ера поп», «Гуьйренан зезаг»

1

2 – г1а ахшо

1

Нохчийн литературехь Гадаев М. кхоллараллин мехалла. «Ц1ен берд», «Генара кехат»

1

2

Сочинени «Гадаев М. кхолларалла» язъяр

1

3

Исаев Марьяман дахар а, кхолларалла а. «Ирсан орам» романан дакъош а доьшуш, болх бар. Воха мегар дац.

1

4

«Ирсан орам». Доккха инзар

1

5

«Ирсан орам». Д1адевларш

1

6

«Ирсан орам». Кхаъ

1

7

Сочинени «Ирсан орам»

1

8

Хьехархочо хаьржина произведени «23-г1а февраль» Рашидов Ш. «Орга» № 7, 2005 шо

1

9

Эдилов Хасмохьмадан дахар а, кхолларалла а.

1

10

Поэма «Сийлаха»

1

11

Ибрах1им а, Сийлаха а, Эдалха а.

1

12

Сийлаха а, Эдалха а.

1

13

Ибрах1им а, Эдалха а.

1

14

Поэмин маь1на а, исбаьхьаллин мехалла.

1

15

Сочинении «Сийлаха» язъяр

1

16

Музаев Нурдин кхолларалла. Яздархочун прозехь а, поэзехь а къинхьегаман стеган тема.

1

17

«Сатийсаман ницкъ» романан дакъош дешар

1

18

«Сатийсаман ницкъ» Институтехь

1

19

«Сатийсаман ницкъ» Лида Нохчийчохь

1

20

«Сатийсаман ницкъ» Лидий, Ахъяддий

1

21

Сочинени «Сатийсаман ницкъ»

1

22

Гайсултанов 1. дахар а, кхолларалла а. Исторически повесть «Александр Чеченский»

1

23

«Александр Чеченский» Вина юрт

1

24

«Александр Чеченский» Бородино

1

25

«Александр Чеченский» Чеченский а, Кутузов а.

1

26

Александр Чеченский» Эпилог

1

27

«Александр Чеченский» Сочиненина кечам бар

1

28

Сочинени Александр Чеченский» язъяр

1

29

Базоркин Идрисан дахар а, кхолларалла а.

1

30

«Б1ешерийн къийсамехь» исторически роман дакъош дешар

1

31

Александр Казбеги кхоллараллех хаамаш «Элиса»

1

32

Александр Казбеги «Да вийнарг»

1

33

Александр Казбеги «Циция»

1

34

Ламанхой къонахалла, оьздангалла, тешаме хилар повесташкахь гайтар

1

35

А. Казбегин турпалхой- гуьржий, нохчий- шайн сий, маршо, парг1ато ларъечу къийсамехь, вежарш санна,бертахь хилар.

1

36

Александр Казбеги кхоллараллин мехалла.

1

infourok.ru


Смотрите также

 

..:::Новинки:::..

Windows Commander 5.11 Свежая версия.

Новая версия
IrfanView 3.75 (рус)

Обновление текстового редактора TextEd, уже 1.75a

System mechanic 3.7f
Новая версия

Обновление плагинов для WC, смотрим :-)

Весь Winamp
Посетите новый сайт.

WinRaR 3.00
Релиз уже здесь

PowerDesk 4.0 free
Просто - напросто сильный upgrade проводника.

..:::Счетчики:::..

 

     

 

 

.